МУ «ОТДЕЛ ОБРАЗОВАНИЯ

                                      КУРЧАЛОЕВСКОГО МУНИЦИПАЛЬНОГО РАЙОНА»

Официальный сайт

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА

26.04.2024

НОХЧИЙН МЕТТАН ДЕННА

лерина бинчу белхан жам1

 

   Оханан бутт болабаларца Б1аьчи-Юьртарчу №1 йолчу ишколехь д1аболийра нохчийн меттан денна лерина болу белхаш. Хьалххехь нохчийн меттан хьехархоша шайн цхьанакхетарехь х1оттийнера нохчийн меттан денна леринчу баттана бан безачу белхан хьесап (план).

Куршлойн к1оштан Б1аьчи-Юьртара №1 йолчу

 йуккъера йукъарадешаран ишколехь «Нохчийн меттан Де»

даздарна лерина нохчийн меттан а, литературин а к1ира д1адахьар

(22.04.2024 – 27.04.2024.)

 

Оханан беттан 18-чу дийнахь дешархойн гуламехь довзийтира кху беттан 18-25-чуй деношкахь нохчийн меттан к1ира д1ахьуриг хиларх лаьцна а, дийцира дан дезачу г1уллакхех лаьцна а. Билгалдехира, х1ун тайпа къовсадаларш д1ахьур ду.
           Кху беттан 18-25-чуй деношкахь кхетош-кхиоран сахьташкахь массо а хьехархочо дийцира вайн къоман йаздархойх, поэтех, иллиалархойх, актёрех лаьцна. Ткъа цхьаболчу хьехархоша йиллина мероприятеш а йира. Къаьсттана лерина болх барна билгалбаха лаьа: нохчийн меттан хьехархо Муцаева Айшат. Цо д1аяьхьира «Ненан мотт – аганан илли» ц1е йолу мероприяти. Дугуев Хьусайна (8А классан куьйгалхо) д1айаьхьира «Сий хуьлда хьан, сан НЕНАН МОТТ!» (КЪИЙСАДАЛАРШ) а. Мусаева Хедас – классал арахьара дешар «Машаран аз», Ибрагимова Аминас - «Даймохк поэзехь» ц1е йолу мероприяти. Оханан беттан 20-чу дийнахь ненан меттан хьехархоша бертахь д1абаьхьира 8-11 классерчу дешархошна йукъахь къовсам (викторина) «Бовзалаш, безалаш, доттаг1ий, шайн НЕНАН МОТТ!». Иштта д1абаьхьира нохчийн поэтийн Даймахках, ненан маттах лаьцна йазйина стихаш йешаран къовсам 5 -8 - чуй классийн дешархошна йукъахь. Оцу къовсамехь хьалхара меттиг йаьккхира Магомадова Банати (7А классан дешархо). Цо к1оштан къовсамехь дакъалецира. Йазйира дешархоша ненан маттах лаьцна сочиненеш. Билгалбехира дика сочиненеш йазйина дешархой, 1-ра меттиг - Магомадова Диана (11А класс), 2-г1а меттиг – Катаева 1айшат (9А класс), 3-г1а меттиг – Магомадова Марха (8А класс). Билгалбехира и толамхой, иштта массо а къовсамехь тоьлларш а, царна массарна грамоташ йелира.
Кху оханан беттан 18-25-чуй деношкахь ненан меттан хьехархоша д1айаьхьира йиллина мероприятеш, урокаш. Керлачу техналогех пайдаоьцуш Дугуев Хьусайна 11А классехь д1айаьхьира «Йозанехь сацаран хьаьркаш хIитторан бакъонаш.  ШитIадам, тире, къовларш, маьIалгаш» ц1е йолу нохчийн меттан йозанан йиллина урок. Керлачу техналогех пайдаоьцуш д1адаьхьира Муцаева Айшата а ша кечдина диллина урокан сахьт «НЕНАН МОТТ – САН ДОЗАЛЛА!» (6 класс). Иштта Солтамурадова 1алета а (8 класс), Ибрагимова Аминас а (7 класс), Абдурзаков 1елас а (7 класс), Мусаева Хедас (10 класс), Мусаева Аминас а (6 класс); йуьхьанцарчу классийн хьехархоша (1-4 классаш) д1адаьхьира «Ненан мотт – къоман хазна» ц1е йолу диллина классан сахьташ. Иштта 5-6, 7-8, 9-11 классийн дешархошна йукъахь д1адаьхьира ненан меттан хьехархоша кечдина «Хаарийн б1ов» ц1е йолу къийсадаларш. Маттах а, цуьнан дозаллах а лаьцна массо а классашкахь къамелаш дира ишколан х1ора хьехархочо а. Ч1ог1а чулацаме, лерина дийцира цара маттах лаьцна а, цуьнан таронех, мехаллех лаьцна а.
Кху беттан 24-чу дийнахь, ишколан библиотекарь йолчу Таймусханова Заремин г1оьнца, йира вайн нохчийн г1арбевллачу йаздархойн произведенийн выставка. Дешархоша цу выставке йеанера шайн ц1ерачу библиотекера нохчийн меттан книгаш а. Дешархоша шаьш йешначу произведенийн бух т1ехь дехкинчу суьртийн къовсам а д1абаьхьира. Иштта д1абаьхьира цу дешархоша дехкинчу а, иштта даьхначу а суьртийн гайтам (выставка).
            Оханан беттан 25-чу дийнахь 5-11 классийн дешархошна йукъахь ишколехь д1адаьхьира ненан меттан денна лерина долу къийсадаларш (сценкаш, стихотворенеш, эшарш, духарш, даарш, хелхарш). Массо а классо лерина кечам бинера оцу денна. Йаханчу заманахь вайнаха лелийна духарш дуьйхина кечбина дешархой, мерзачу чомехь кечбина вайн къоман кхачанаш, церан дахарх лаьцна къеггина суьрташ, самукъанечу мехкарийн эшарш, говзачу дешархойн хелхарш, вайн ненан маттехула долу хаза г1иллакхаш - и дерриг гайтира ишколан дешархоша. Оцу г1уллакхна лерина кечам бинера цара. Иза къеггина гуш дара х1оттийначу х1усаме а, цу чохь долчу хьоле а хьаьжча. Ткъа беттан 26-чу дийнахь нохчийн маттана леринчу к1иранах бинчу белхан жам1 дира. Бинчу белхан лаккхара мах а хадийра ишколан куьйгалло. Тайп-тайпанчу совг1аташца, грамоташца билгалбехира къивсадаларшкахь толамаш баьхна дешархой.
Ишколан йукъарчу линейкехь, нохчийн меттан денна лерина бинчу белхан жам1деш, вистхилира ненан меттан хьехархо Дугуев Хьамзатан Хьусайн. Цо нохчийн меттан денца декъалбира ишколан хьехархой а, дешархой а, иштта хьеший а. 
Вайн нохчийн меттан исбаьхьа хазнаш йовзуьйтуш, цуьнан г1иллакх-оьздангаллин т1ег1анаш т1ехула вайн дайн ламастийн лакхене вай кхачош, хьанала къахьоьгуш бу Б1аьчи-Юьртарчу №1 йолчу ишколан нохчийн меттан, литературин хьехархой а, методически цхьанакхетараллин декъашхой а.
Вайн дайша, жовх1ар санна ларбеш схьабеана болу вайн хаза Мотт, доха доллу куьзга санна ларбеш, хазбеш бийцар лойла вайна Дала т1ейог1учу ханна а!
 
 
Нохчийн меттан хьехархо: Дугуев Хьамзатан Хьусайн