МУ «Отдел образования

Курчалоевского района»

Официальный сайт

«Беза, бовза ненан мотт»

20.02.2026

Тахана, чиллин беттан ткъолг1ачу дийнахь, вайн республикехь д1ахьош йу «Беза, бовза ненан мотт» цIе йолу регионан этнографин диктант. Оцу масштабни дешаран акцехь дакъалоцуш йолчарех цхьаъ йу Хьидин- К1отарара йуккъера йолу ишкол.

Кхузахь, вайн Нохчийн Республикера кхин дуккха а ишколашкахь санна, ненан мотт шайн дегнашна гергара болу хьехархой, белхалой, дешархой шайн хаарш талла а, вайн къоман исбаьхьа культура дика йовза а аьтто баьлла х1ара регионан этнографин диктант йазйар бахьана долуш.